ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Аьшпийн пропагандан бен» бу RT а, Sputnik а, аьлла Макрона


Оьрсийчоьнан президентца хилла къамел доьрзуш, цуьнца цхьаьна еллачу пресс-конференцехь Францин президента Макрон Эммануэла элира: «Аьшпе пропагандан бен» бу RT а, Sputnik а. Уьш тIеIаткъамбаран, пропагандан, аьшпе пропагандан хьасташ санна хьийзира, тIетоха а, дIадаккха а доцуш».

Францехь президентан харжамаш боьлхуш, «Хьалха ГIерта!» цIе йолчу партин инарла секретара Ферран Ришара France 2 каналехула бохура, Оьрсийчуьра цхьа ницкъаш бу Францерчу харжамашна юкъагIерташ, ехира бехкечийн могIарахь Оьрсийчуьрчу RT-н а, Sputnik -ан а цIерш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG