ТIекхочийла долу линкаш

Тимбулатов Мовсар

Аьхке

Стиглахь цхьа а марха йоцуш,
Довха дара денош.
Малх а бара ирсах богуш,
ЗIаьнарш лаьтта Iенош.

Олхазарша эшарш лоькхуш,
Iалам хестадора.
Мелчу мохо, бешахь хьоькхуш,
Зезаг лестадора.

ЦIенчу хIуонехь когаш лехна,
Дитташ дIасатехка.
Дерриг Iалам дара дехна,
Юьртахь – аьхке кхехка!

Тимбулатов Мовсар - къона поэт.

Авторш

КХИН А
XS
SM
MD
LG