ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тимбулатов Мовсар. Гуьйре


Тимбулатов Мовсар

Гуьйре

Аьхкено дуьйхина баьццара духар,
Керлачу барзакъца хуьйцуш,
Дешин кIур биллинчу хьаннашкахула,
Гуьйре ю шен туьйра дуьйцуш.

Шийлачу Iуьйренан
дахкарлахь дитташ,
Кортош а хабийна, лаьтта.
Кхоьлинчу мархаша догIа тIедуьттуш,
Хьогалла дIайойу лаьттан.

ГIаргIулийн аьзнаш а,
хорам беш синна,
Стиглара лаьтта тIе леда.
Хьехахь ша висинчу жаIуьно санна,
Мох а бу лоькхуш шен шедаг.

XS
SM
MD
LG