ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тимбулатов Мовсар. Ломахь суьйре


Ломахь суьйре

Сарралц дой хихкина,
гIелъелла мархаш,
Ламанийн белшаш тIе тийжа.
Лаьхьанах хьирчина дуьненан архаш,
Суьйренан боданехь зийза.

Анайист яхчош ю
стигланан пхьалгIахь,
Цаьпцалгийн мукъам ца хеда.
Олхазарш сихделла баннаш чукхалха,
Схьакхеташ бу Садов седа.

Ламанийн даккъашкахь
дIалечкъаш, батто,
Керчабо гIунжара бIаьргаш, –
Шен метта дIахIотта
ца хIуттуш лаьтта,
Бузучу малхах а кхаьрдаш.

XS
SM
MD
LG