ТIекхочийла долу линкаш

Яхначу заманахь дуьненчуьрчу еъа а а маьIIера бахархой ХьаьжцIа боьлхуш хилла, таро ерш говрашца я эмкалшца, аьтто боцург гIаш а.

Бусулба стеган а, зудчун а декхар ду шен дахарехь цкъа мукъна а Хьаьждар, нагахь санна могашалла а, ваха таро а елахь, муххале а.

Бехачу новкъахь халонаш а ловш, оцу заманахь хиллачу кIеззигчу таронех пайда а оьцуш, некъбар тIаьхь дара зияртхошна тоххара.

ГIум-аренашкахула, ЦIен хIордах а буьйлуш беттанашкахь луьстура цара некъаш.

Ткъа карор вуй-те таханлерчу заманахь гIаш ХьаьжцIа воьдург?

Динан Iилманчаша яздарехь, ХьаьжцIа къаьсттина гIашвахар деза а, мехал ду, нагахь санна оцу стеган могашаллех гIоьртина хIума дацахь.

Юккъерачу Азин мехкашкахь легенда санна дуьйцу, масала, СаIуда Iаьрбийчоьнан дозане гIаш дехьаваьллачу цхьана стагах.

Цигахь, дийцарехь, чу ца вуьтуш лаьттачу цуьнах бIаьрг кхеттачу тIехволучу паччахьо, хIун ду, ма ду хиинчул тIаьхьа, пурба делла боху цунна чоьхьа вала.

Ткъа карор вуй-те таханлерчу заманахь гIаш ХьаьжцIа воьдург? Хьенан тоьар бу ницкъ а, шовкъ а, ахча а, беттанашкахь мукъа хан а Хьаждан?

19-20-чу а бIешерашкахь дуьненчуьрчу цхьаболчу мехкашкахь тIеман кофликташ чIагIъяларан бахьанашца хаъал лахбеллера гIаш лела зияртхой.

Тахана а, наггахь верг бен ца воьду гIаш Макка-Медина. Ду боьлхучийн масалш вайн махкахь а.

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь вайн махкахочун Абу Бакр Шейхан цIенна кемано динчу тохарша байира боллу цуьнан доьзал: да-нана,зуда, 3 кIант а. 10 шо долу воьалгIаниг дера чевнаш йина, кхетамехь воцуш, реанимацехь Iуьллуш хиллера.

ХIетахь са дагийначу дас чIагIо йина хилла, нагахь санна шен воI са чохь висахь, гIаш ХьаьжцIа гIур ву ша аьлла.

Цул тIаьхьа, кIант метта а веана, кога ира хIоьттича, 2009-чу шарахь шен дош кхочушдеш, дуьххьара гIаш Нохчийчуьра Макка Медина вахана Абу Бакр Шейх. Дерриг а цо новкъахь даьккхинарг ду 118 де.

2010-чу шарахь кхи а 4 Нохчийчуьра зияртхо гIаш ХьаьжцIа вахана веана.

"ХIун Хьаж хуьлу кеманчуьрчу кIеддачу гIента а хиина, масех сахьтехь Макка-Медина дIакхочучу стеган"?

Ткъа 4 шо хьалха 67 шо долчу Хьалха-Мартанарчу вахархочо Джанаралиев Мохьмада юьхьарлецира вилспетахь ХьаьжцIа боьду некъ. Кхаа батте яхъеллера цо новкъахь яьккхина хан.

Лурчаха "Восьмое поколение" олучу кегийрхойн боламан жигархо Адамов Илес а вахана вилспетахь Делан парз кхочушдан.

Кху деношкахь Соьлжа-ГIалара Макка Медина зиярате ваха вилспеташ тIехь новкъа ваьлла ши вахархо. Марсхьокху – бутт бовш шаьшиъ Мекка дIакхочур ву аьлла тешна ву и шиъ.

Кеп-кепара бу нехан хьажам ХьаьжцIа боьлхучаьрга. Цхьаболчара олуш хеза "цхьанна а вас хилийта а ца боху, амма хIун Хьаж хуьлу кеманчуьрчу кIеддачу гIента а хиина, масех сахьтехь Макка-Медина дIакхочучу стеган? Зиярат ца олу цуьнах, и туре вахана-вар ду".

Маршо Радионо дийцийтира Ιаьрбан мехкашкахь дешна, еххачу хенахь цигахь хан яьккхина, карарчу хенахь Теркйистерчу Ломаз-Юьртахь вехачу ШахIид-Хьаьжига гIаш Хьаждаран мехаллех а, йозаллех а.

"Дерриг а ду-кх деза, соьга хаьттича"!

ШахIид-Хьаьжа: "Элчано цкъа бен ца дина Хьаж. ХIетахь кеманаш ца хилла. Цу хенахь и кеманаш цахилла дела, хьаъа а эр ду "деза ду гIаш вахар". Дерриг а ду-кх деза, соьга хаьттича! И деза ду аьлча а, дорах ду аьлча, вайн хIун тIекхета. Цхьана вордан тIехь вигинехь а, машенахь я кеманца иза вигинехь а доккха хIума ду-кх и. Дерриг деза ду-кх!

Маршо Радио: ГIаш ХьаьжцIа воьдучунна къаьсттина хIун халонаш Iиттаяла там бу некъаца?

ШахIид-Хьаьжа: "Молучуьнца а, юучуьнца а, ламаз эцарца а, шен гIуллакхе хьажарца а. Гуттар хала, готта хIума ма ду и. Гена некъ ма бу и. Цхьаъ Iотталахь а, некъаца ша ву-кх иза, накъост воцуш. Иштта дийцича, хIуммаъ кIезиг хIума-м дац и.

ХIинца кхузара хьала а гIаьттина, гIала со воьдуш велахь а, мел улло ю и вайга хаьттича, суна мел гена ю и. Суна цул а чIогIа хета-кх цо ара боккхуш болу некъ. Цкъа а вахазчу новкъа дIавахар доккха хIума ма ду".

Кху шарахь вайн махкара СаIуда-Iаьрбийчу ХьаьжцIа ваха лерина ву 3 эзар стаг. Царех 2 эзар зияртхо кеманашца боьлху, висина бIе стаг лаьттарчу некъаштIехула.

Парз кхочушдечийн хьалхара тоба новкъаер ю автобусаш тIехь ГIадужу-бутт юккъе баьлча.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG