ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ибрагимов Ризванан кхеле иза бехкевийриг ян ца туьгу мел кхайкхарх а


Шинарийдийнахь Соьлж-ГIаларчу Октябран кIоштан кхело дIаяхьна яздархочун-историкан Ибрагимов Ризванан бехк толлучу девнан рогIера кхеташо. Иза бехкевечу прокуроре а, тIехIуьттучу адвокате а ладоьгIна кхелхочо Налаева Хадижата.

Ибрагимов Ризвана а, цуьнан агIоно а кхузза дехна, иза экстремизмаллехь бехкевеш йолу Пайзулаева Заира кхеле ялор. Юха а иза ладегIаршка кхачо тIелецира кхелахочо.

Кхело лейина цхьа теш - Ибрагимов Ризванан жайнеш доьхкинчу туьканан белхахо. Цо билгалдаькхира, жайнеш шаьш дохка схьаэцале, магийна йоцчу книгийн могIарахь дуйла хьаьжира шаьш, уьш цу юкъахь доцийла хиича, дохка дIаийцира, аьлла.

Кхелахочо, жайнеш дIаоьцурий, аьлла, хаьттича, жоп делира тешо: «Дика ца оьцура, амма Ибрагимов Ризван телехьожийлехь емалвеш гайтинчул тIаьхьа дIаэца долийра».

Ибрагимов Ризван Нохчийчуьрчу Iедалан цхьана декъо бехкево экстремизмалле книгаш язъярна а, арахецарна а ("Нохчийн къомах лаьцна долу ДIахьедар", "Палестина? ХIан-ХIа, Нохчийчоь", "Пайхамарш схьабовларан къайле").

Кхелан кхеташонехь хилира Маршо Радион корреспондент. РогIера кхеташо дIахьор ю тIедогIучу пIераскана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG