Кадыров Рамзана кхойкху Нохчийчу Францин президенте Макрон Эммануэле а, Германин канцлере Меркел Ангелига а.
«Ца оьшу Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаш эладитанаш лелорна бехке бан, оцу юкъанна шаьш харц информацина тIе а тийжаш. Бакъдерг лохуш, шеца Меркел а ялош, Нохчийчу ван мегар ду Францин президентна Макронна. НеIарш йиллина ю», яздина Кадыровс шен инстаграмехь.
Оршоьтадийнахь Путинца Францехь хиллачу цхьаьнакхетарехь Макрон Эммануэла бехкедира Нохчийчохь гомосексуалисташ хьийзош хилар. Иштта, «аьшпийн пропаганда» яржочех ю элира цо Оьрсийчуьра Спутник а, Russia Today а телевизионаш.