ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лавров Сергей: Цхьа а факт яц Оьрсийчохь ЛГБТ векалш хьийзош бу ала


Оьрсийчохь, цхьана декъанна, Нохчийчохь, ЛГБТ-н векалш хьийзош бу аьлла дуьненахула баьржина хаамаш бакъбеш яц цхьа а факт, бац иштта, Оьрсийчоь кхечу мехкийн гIуллакхашна юкъагIерта ала бух а. Иштта дIахьедина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс шен пресс-конференцехь Москох.

«Тхуна ца го цхьа а билгало я хакерех а, я кхечу мехкийн, ерриг а Малхбузенан санна, гIуллакхашна къайлах юкъагIерта бохург бакъдеш, я Нохчийчохь а, кхечу регионашкахь а ЛГБТ-хой гIелонехь бахкабо бахар нийса карош хIума а», аьлла Лавровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG