ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байсултанов Одес: "Ведучи" курорт йина яккха еза кхушара


Ломан гIо-салазийн "Ведучи" курорт болхбан йолалур ю кхушара, дIахьедина Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказерчу гIуллакхийн министран хьалхарчу гIовсо Байсултанов Одеса.

Цунна гарехь, курорт яр сихха дерзош проектехь дакъалоцуш цхьа «Къилбаседа Кавказан курорташ» цхьаьнакхетаралла хилла Iан ца еза, декъаяха еза «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» а.

«Ситуаци аттачех яц, амма кхочушъялур йолучех ю, - аьлла «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпорацин» инарла директоро Харитонов Сергейс. Цо бахарехь, проектна юкъаозаяла ахча корпорацин долуш ду.

«Ведучи» болхбан йолаяла езаш яра 2015-чу шарахь. Амма аьтто ца баьлла курорт йиллинчу хенахь йина чекхъяккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG