ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хирурго Плиевс харц лоьралла деш вийна пациент


Цхьа шо ах шо набахтехь такха хан тоьхна хирургна Плиев Хьажбина Къилбаседа ХIирийчохь. Иза бехкевина стохка операци еш шегара дилийтинчу гIалаташца махкара вахархо верна.

БуьрийтIера вахархо лоьрийн доларчу клинике веана букъ лозуш. Плиевс операци еш коьртачу пхенех цхьаъ хедийна, амма шега цIий саца ца делча, кхечу дарбан цIийне хьажийна иза. Амма тIаьхьа хилла – дог сецна велла цомгушниг.

Юьхьанца дуьйна а харц диагноз хIотторна, лоьралла ма-доггIу цалелорна, операци еш гIалатваларна кхело бехкевина Плиев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG