ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхана пренешка йолу Немцов вер толлу кхел


«Кхелан таллам бирзина, пренешка довлу вай», хаамбина кхел дIахьочу Житников Юрийс.

Юьхьанца дош лур ду бехкбиллархошна, тIаккха – бехкебечарна, тIаьххьара а – адвокаташна.

Эскерханов Тамерлан а, вежарий ГубашевгIар – Анзор а, Шадид а, кхелан чоьнера арабаьхна хиларна, бистхуьлучийн могIарахь хир бац, царна «тIаьххьара дош» ала бен ца кхачийна бакъо. Ткъа Дадаев Заура а, Бахаев Хьамзата а шайна ца лаьа аьлла пренешкахь дакъалаца – церан метта къамел дийр ду адвокаташа.

Москох 2015-чу шеран Iай вийра оппозицин лидер Немцов Борис. Бехке хиларх шеко йолуш лаьцна, зуьйш ву герз тоьхна хила тарлуш волу Дадаев Заур а, цунна гIодина хила мегаш волу важа виъ а.

Зуламан декъахь хила тарло аьлла, лаца араяьллачу полицин карах Соьлж-ГIалахь велира Шаванов Беслан. Немцов вер кечдеш хилла лору талламо «Къилбаседане» цIе лелийначу батальонан буьйранчин гIовс лаьттина Мухудинов Руслан. Политик вен кхачийнарг вовзаза висина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG