ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь - некъахьовзамаш, кхо стаг велла


Кхаарин дийнахь-буса 2 некъахьовзам хилла Нохчийчохь, велла 3 стаг, лазийна 11, хаамбина махкарчу некъан инспекцино.

«Ищоре -ГIизлара» новкъахь, Шелковскан кIоштахь, кхо машен вовшахкхетта, 62 шо долу стаг а, 29 шо долу зуда а леш.

«Кавказ» трасси тIехь, Устрада-ГIалиний, Гуьмсенний юккъехь хилла шолгIа авари. 28 шо кхаьчначу «Приора» лелорхочо, урхалла дан лара а ца велла, шен машен тIетоьхна дуьхьалйогIучу «Тойота Камрина». Шиъ делла - «Приоричуьра» 21 шо долу йоI а, шолгIачу машенан 44 шо кхачна да а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG