ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Charlie Hebdo интернетах дIакъастор доьху Шелан прокуроро


Францерчу Charlie Hebdo журналан карикатурашна интернетехула шуьйра яржар дехка деза, цара сийсазбо динлелораш, адамашна юкъара барт бохабо, дIахьедина Шелан кIоштан прокуратуро.

Прокуратурана хетарехь, журналан агIо интернетехь къовла еза. Charlie Hebdo интернетехула махкахь хьажа дехкар дехна цо Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхеле.

Нохчийчохь гомосексуалисташ хьийзабо бохучу темин лорах карикатураш арахийцира Францерчу журнало бахначу баттахь, дехкинчу суьртийн могIарахь дара Кадыров Рамзан емалвеш дехкинарш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG