Конкурсехь къовсаяла мел таро ю пачхьалкхийн экономикийн гойту керла карта хIоттийна Швейцарерчу IMD бизнес-школо.
Оьрсийчоь 46 меттехь ю (63-нна юкъахь). Дахначу шерашкахь иза яра: 2010-чохь – 51-чу, 2012-чохь – 48-чу, 2014-чохь – 38-чу меттигашкахь.
Экономикера хьал Оьрсийчохьчул тоьлла ду, масала, Казахстанан (32-гIа меттиг).
Хьалхарчу меттигашкахь ю Гонконган, Швейцарин, Сингапуран экономикаш. Iамеркан Штаташна кхочу 4-гIа меттиг.
IMD бизнес-школо 20 параметрца юсту экономикаш, пачхьалкхера 323 хьал юьхьара а оьцуш.