ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арбитраж: "Нафтагаз" оццул декхаре яц "Газпромна"


«Take-or-Pay» («дIаэца, я мах ло») кепехь Оьрсийчоьнан «Газпромо» Украинерчу «Нафтогазе» ахча дехар низамехь дац, къастийна СтокхIолмерчу арбитражан кхело. И хаам баржийна шен Фейсбукехула «Нафтогазан» пресс-гIоьнчалло.

«ДIаэца, я мах ло» бохучу хьесапехь «Газпромо» «Нафтогазна» цо оьцур ю а аьлла, ца эцначу газах охьадилла тIедожийнера 34 миллиард доллар.

Кхело иштта декхарейо Оьрсийчоь контракт мах лелачу барамна гергадало а.

«Газпромо» хаамбина, СтокхIолмо хIинца бина сацам кхочушбан тIебожочех бац, буьззина сацам бийр бу цо карара бутт бовш, аьлла.

Лурчаха «Газпромо» декхарейира «Нафтогаз» 2012-чу, 2013-чу шерашкахь цо ца оьцуш йисинчу газан мах охьабилла. ХIетахь дуьйна лаьтта шина компанина юкъахь къовсам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG