ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пискунов Дмитрий: "Мосгорсудехь" кхеле балийначарна етта чоь ю


Москох кхелан («Мосгорсуд») Сокольникерчу цIачохь полицино лецначу нахана етта чоь ю, хаамбо «Медиазонас». Цунах лаьцна дийцина Юкъараллан цIарх тергояран комиссин векало, Iазапна духьалояран комитетерчу юристо Пискунов Дмитрийс.

Москох кхелан цIенна бухахь № 144 кабинет ю лецначаьрга Iедало шайна тIебаьхьна бехк бовзуьйтуш. Оцу чохь пенех тоьхна хIазарш ду, царех дIа а туьйсий, етта кхеле балийначарна, шега WhatApp хаамца сурташ а дахкийтина узбек Усмонов Камрон оцу хIазарех вихкина гойтуш, аьлла Пискуновс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG