ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соботка Вольфганг: Австрино кхидIа а депортацеш йийр ю нохчашна


Австрино нохчийн мухIажиршна кхидIа а Оьрсийчу депортацеш йийр ю, дIахьедина оцу пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Соботка Вольфганга Москох.

Шен Оьрсийчуьрчу коллегица Колокольцев Владимирца къамелдеш Соботкас билгалдаьккхина, шена Австрино нохчийн мухIажирш тIеэца бахьанаш ца го, церан даймахкахь боьдуш тIом бац, аьлла.

„Уьш шайн тховкIелонах долу дехар теллина а далале, даймахка садоIа оьхуш хилча, со цхьаммо а тешор вац царна политикан бахьанашца ницкъ бо бохучух. Иза абсурде хIума ду“, - иштта ду Австрерчу Кроне газето далийна министран дешнаш.

Дахначу шарахь 270, кхушара 131 нохчо ницкъаша махкахваьккхина Австрин Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG