Бераца харцо еш хьаьвзина да, я нана тергоне дужу нехан Нохчийчохь. Оцу могIарара ду Шеларчу кхело луьсту хIара дов.
БIаьчи-Юртарчу вахархочо зуда йитина, йиъ йо1 шеца а сацош. Ткъа оцу берашна, церан нана йитича, дас ялийначу зудчо а, ша дас а етта аьлла арз а дина, кхеле дов айдайтина ненананас.
Девнехь бехкеечу агIонан адвокат ву Касумов Султан. Цо дуьйцу девнах лаьцна.
Касумов: «Нохчийн гIиллакхе даьккхича, и санна долу хIума кхеле дала йиш яцара. Дас йиъ йоI йолу зуда йитина. Кхечу, ялийначу зудчо ши кIанттий, цхьа йоIIий дина. Хиллачу стуннанас айдина и дов. Ас аьллера цаьрга, оцу берийн да ма ву аш чуволлийта хьийзош, аьлла»
Хиллачу стуннанас, еа йоьIан ненананас дукха хан йоццуш Вотсапехула кхайкхамбира, шен йоьIан берийн десте цуьнан гергарчара «саца ца яхь», ша иза сацора ю, бохуш.
Ватсапера: «Дечка-ГIаларчу нахе цхьа дехар дара сан. Делан дуьхьа, БIаьчи-Юьрта маре еъна йолу шайн йоI саца яхьара аш. И йиъ йоI хьийзош ю цо. Тхо эвхьаза ма дахахьара аш. Аш шайн йоьIан дола ца дахь, оха дийр ду шуна и дола…»
Зудчо дуьйцучух тоьшаллаш дацахь а, цунах хIинца «йоккха тати-гота» хилла боху адвоката Касумов Султана.
Касумов: «Суна новкъа дериг ду, и бераш кхеле далош цахилар. Уьш дало йиш яц олу. Ткъа видеоца дIаяздан дезара церан тоьшаллаш. Кхин къасталур доцуш хIума ду тхан. Берех къа хета суна. Иштта «тIеозийна» гIуллакх ду-кх.
ДIаяханчу зудчун цIерачеран а аьтто бац йоьIан диъ бер кхаба. Хала бохкуш бу и нах.Бер дена, цунна шена а ца оуьйтуш хIума суна дуьххьара гуш ду. Цхьацца наркоманех хIуманаш хезнера суна. Амма хIара санна хIума, зударийн меттиг къуьйсуш хIума суна дуьххьара гуш ду».
Нохчийчуьрчу юкъаралхоша тидам бо дIасакъаьстинчу зудчо а, стага а, бер хьалха а тоьттуш, вовшашна хIуьттаренаш лелош хиларх. «Зударийн киамехьа» цIе йолчу цхьаьнакхетараллан куйьгалхо ю Базаева Липхан. Цо а сагатдо хьолана.
Базаева: «ТIаьххьарчу заманахь кест-кеста хеза бераш бахьанехь дуьйлу девнаш. Вас лаьтта гергарчарна юкъахь а. Ткъа берийн бакъо цхьаммо а тергал а ца йо. Оцу хьокъехь «горга стол» дIаяьхьна оха. Къовсам иккхинчу хьолехь беранна гIолехьа агIо лахархьама. Бер бахьанехь боккха тIом лелабо. Суна хетарехь, вай санна и тIом чIогIа даттош къам дан а дац кху дуьненахь».
Аьнгалех йина берийн гIала харцо дукха хIума ца оьшу. Иза йохош берш а баккхийнаш хуьлу, оцу Шелара кIоштерчу кхелехь санна.