ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох ша террорхой лецна боху ФСБ-но


Russia – The Russian flag and bomb illustration.
Russia – The Russian flag and bomb illustration.

КIира хьалха Москох террористаш лецна ша аьлла даржийра Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисо (ФСБ). ТIаьххьара цо бинчу хаамца – лецнарш бу ДАIИШ-хой, метрон «Теплый Стан» станцехь эккхийтардан кечлуш хилла уьш.

Церан Iалашо хилла футболан «Федерацийн кубок -2017» матче гулбелла нах лелхийта, амма лецна шаьш бехачу Ново-Переделкинохь, герз а, шаьш кечйина бомба а, патармаш а, гранаташ а йохуш, аьлла даржийна низамхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG