ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Киллеран Денисултанов-Курмакаев Артуран-Iаьрбин кхойтта сибат


Киевехь Украинан эскархо-нохчо (шен махкахо) Осмаев Адам вен гIоьртина Курмакаев Артура хIинцачул 8 шо хьалха Австрехь а йитинера шен лараш.

Иза 2009-чу шарахь Венехь вийначу Исраилов Iумарца, иза веле цхьа шо хьалха, цхьаьнакхетта хиллера, цуьнга Нохчийчу юхаверза, ша вейта ца лаахь боху коста дIатоха, Австрин Iедалхоша Исраилов вийначул тIаьхьа гIардаьккхина ма-хиллара.

Цу стеган цIе а Исраиловн процессехь гIараелира. Ша велле цуьнца цхьаьнакхеттачу Исраиловс шайн хилла къамел шен телефончу дIаяздинера – иза хазийтира хIетахь кхелехь Венерчу прокуратурин векалша.

Интернетехь а даьржира и къамел цул тIаьхьа дукха хан ялале.

Карарчу хенахь интернетехь текстан верси бен ца йисина цу къамелан а, амма Маршо Радион аьтто белира цуьнан оригинал-аудио каро. Цу тIехь хезаш ду Исраиловс Курмакаевга ден къамел а, вукхо дуьхьал дуьйцург а.

Исраиловн, Курмакаевн къамелан кийсак

Курмакаев: Сан проблемаш яц уьш, хьан проблемаш ю. Со хьан проблемаш бахьана долуш веана кхуза...

Исраилов: Дийцал тIаккха, хьан ваийтина хьо….

Курмакаев: ЛадогIахь тIаккха, ас дуьйцу хьуна… Со хьан проблемаш бахьана долуш, цунах сингаттам ца балийта, масийта мотт хууш, масийта пачхьалкхехь болх беш, нахаца мотт кара а беш, лелаш волун дена веана ву хьоьца къамел дан. Вуй? … Хьо кхетахь кхетар ву, ца кхетахь дан накъосталла дац аьлла, хьан гергарниг велахь а, юьртахо велахь а, хьоьца вовшах а кхетта, вистхила веана а ву….

Исраилов: Рамзана ваийтина ву-кх хьо, вуй?

Курмакаев: Дика ладогIал. Дика ладогIа. Сан шеца Рамзанца къамел хилла… Рамзана ишттанехьа цхьа а стаг вохуьйтур воцийла хаа хьуна… Хьуна цхьана агIор официале кечйеш депорт ю. Вукху агIор, хьайн проблемаш хьуна дукха дика хаа. Айхьа мел лелийнарг, айхьа мел дийцинарг хаа хьуна...“

Кхелехь Курмакаев Iарби санна вийцаре вина хилла стаг дика дагавогIу Исраилов Iумаран хIусамнана хиллачу Мадинина а.

Цо дуьйцу, Курмакаев Iарби Исраилов Iумар Iеха а вина шеца Словаке а вигина, цигахь шега хьоьжучу шен накъостийн гIоьнца Нохчийчу дIавига Iалашо хиллера, амма ша меттигерчу полицино лаца ма лаьцца, цо ма-дарра дуьйцуш, даре дира, ша Iумар вен ваийтина аьлла.

Мадина: „Кху Австрера цхьа кIант вара Iумарна вевзаш, Тимур бохуш. И кIант Iеха а вина, 300 эзар доллар дала дезаш волу цхьа Исраилов Iумар бохуш кIант лоьху ша аьлла, цуьнгахула зIене ваьллера иза Iумарца.

Ткъа Iумар тIаьхьакхианера цо лелочунна, ша цхьанна а декхар дала дезаш а вац, аьлла, цо гучуваьккхинера иза. ТIаккха цо баьхнера, цIавола, болх а лур бу хьуна, доьзалца а дерриге а дика хир ду хьан.

ТIаккха ша полицино лаьцча, цо дерриге а дIадийцинера».

Делахь а, Австрера Iедалхой ца тешнера шаьш лаьцначу стага дуьйцучох. Цундела цара цунна Оьрсийчу депортаци йинера.

Цул тIаьхьа цу стеган лараш яйна яра, ткъа Курмакаевна депортаци йинчул тIаьхьа дукхахан ялале киллерша, шен цIе Кальтенбруннер Отто аьлла хийцинчу Эдилов Рамзаний, Дадаев Сулейманий, Яшеркаев Турпал-Iелассий вийра.

Уьш кхеле ийзийначу процессехь Iедалхоша гIардаьккхира Курмакаевца дерг а, оцу стагах депортаци йинчул тIаьхьа хилларг хууш дац, оьрсийн къайлахчу сервисаша сов дукха хууш хиларна, ца оьшу теш санна, дIаваьккхина хила а мега боху верси а хьахош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG