Нохчийчуьрчу тIамехь суьрташ даьхна хилла гоьвалла фоторепортер Грин Стенли дIавоьллина пIераскан дийнахь Парижерчу Пер Лашез кешнашкахь.
Iамеркахо Грин Стенли дуьненчохь уггаре бевзачу тIеман фотографех вара. Хьалхара тIом болабелча дуьйна схьа, ткъазза Нохчийчохь хилира иза. Профессионалечу суьрташдахархойн уггаре а сийдолу World Press Photo цIе йолу совгIат даьккхира цо Нохчийчуьра тIом дуьненна гайтарца.
Вайн заманарчу массо а аьлча санна тIемаш а, конфликташ а йолчу мехкашкахь хилла вара Грин Стенли. ТIаьхьара цо йина репортажаш Мали пачхьалкхара яра.
ТIаьхьарчу шерашкахь Парижехь вехаш хилла иза кхелхина ши кIира хьалха 68 шо а долуш. ПIераскан дийнахь иза дIавуллуш Парижерчу Пер-Лашез кешнашкахь гулбеллера цуьнан доттагIий, коллегаш, Францехь цуьнца гергарло лелош хилла нохчий.