ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герзаш а детташ, летта бизнесхой, БайсаровгIарех велла Руслан а, Шарпудди а


ПIераскан буса Москох «Крылатские Холмы» олучу меттехь, герзаш а тухуш, вовшахлетта Нохчийчуьрчу бизнесхойн БайсаровгIеран а, ХалидовгIеран а дозалера нах, хаамбо цхьамогIа хаамийн гIирсаша.

Конфликт иккхина Hills ресторане гулбеллачу шина дозалерчу божарийн. Цул тIаьхьа цу чуьра ара а бевлла, дов дIадахдина цара уллерчу паркехь.

Дуьйлу герзаш хезначу луларчу цIенойн бахархоша полици кхайкхина, амма иза йогIучу ханна чевнаш хилларш дарбан цIийне бигина шаьш довхоша. «Коммерсанто» бечу хаамца.

Лазийнарг пхи стаг ву, шиъ царех дIаваьлла, новкъахь - 42 шо долу бизнесхо Байсаров Руслан а, лоьрашка гIо ца далуш - 59 шо долу Байсаров Шарпудди а. Дагна урс кхетта, халчу хьолехь ву 24 шо кхаьчна Байсаров Адам.

БайсаровгIаьрца леттачу ХалидовгIаралахь уьрсан чевнаш хилла ву Москох йийбар юхкучу супермаркетийн да волу Халидов Мохьмад.

Билггал хIун къовсуш вовшахлетта БайсаровгIар, ХалидовгIар хууш дац цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG