ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Баварехь Оьрсийчуьра бер дийна, цуьнан нана лазийна мигранто


Германерчу Кам гIалахь (Бавари) мухIажирийн юкъарчу Iойлашкахь 5 шо кхаьчна кIант вийна, цуьнан нана лазийна ОвхIанистанерчу мигранто.

Дийна бер а, нана а Оьрсийчуьра ду, хаамбина Баварин радионо Bayerische Rundfunk).

Радионо дийцарехь, беранна, схьа а лаьцна, урс Iоьттина тховкIело йоьхуш Германе веъначу оцу стага, тIаккха нана лазийна, еза чов а еш. Кхайкхинчу полицино герз тоьхна вийна нанна а, беранна а тIелеттарг, яздо Spiegel газето.

Цкъачунна хууш дац Оьрсийчуьрчу муьлхачу къомах ду дийна бер а, лазийна нана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG