Ша чIогIа саготта ву, боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен инстаграмехь, Европехь болчу Оьрсийчоьнан бахархошна.
«Кхайкхам бо Нохчийчуьрчу нахе Европе лелар лахдар, ткъа ваха хIуттург хила веза ма-хуьллу сема», яздина Кадыров Рамзана.
Иштта цо яздаран бахьана ду Лондонехь шоьтан буса кирлелочу машенца нах байар.
7 вийна, 48 лазийна шина меттехь наханна тIелеттачу оцу машенца хиллачу кхааммо. Оцу талорах тероран тохар аьлла. Скотланд-Ярдо. Оьккхучу молханах дуьйлина а доцчу «шахIидийн доьхнашца» хилла полицино вийна кхо тIелатархо.
Т1аьххьарчу беттанашкахь 3 теракт йина Британехь.