ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мега Строй" фирмин "болх" сацийна Нохчийчуьрчу Iедало


Бозбуанчаллашца ахча доккхучу "Мега Строй" фирмин болх сацийна Нохчийчохь. Инарла прокуратуран хьасташа дийцарехь, масех дийнахь оцу зуламечу схемица 48, 5 миллион сом карадеана фирмин долахошна. Хаамбо REGNUM агенталло.

Стохка дуьйна кхоьллина хилла "Мега строй" фирма. Компанино цхьана а кепара беш болх боццушехь, цуьнан чоьта тIе даккхий ахчанаш эгара.

Оьрсийчоьнан цхьацца регионашкарчу организацеша сехьадохуш хилла и ахчанаш. Цул тIаьхьа 80 вахархочун чоьташка кхачош хилла. Царна хууш а ца хилла, оццул ахчанаш шайга кхочийла, зуламхоша маса схьаоьцуш хиларна.

Низамашца доцу банкаца гIуллакх лелорна аьлла, бехктакхаман гIуллакх дуьхьал даккха талламаш бу дIахьош прокуратурано карарчу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG