ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин: "Трампна дуьхьаляккха компромат яц соьгахь"


International Economic Forum, June 3, 2017
International Economic Forum, June 3, 2017

Iамеркан президентна Трамп Доналдна дуьхьал яккха компромат ю шен аьлла, даьржина хабарш бакъ ца дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Iамеркехь стохка дIабаьхьначу президентан харжамашна Москва юкъа ца гIиртина аьлла, тIе а тухуш.

КIирандийнахь Iамеркахойн NBC телеканална интервью луш, шен карахь цхьа а хIума дац Трампна зен дан, "тхуна мичара ер яра и информаци" аьлла Путина.

"Кремлан гIуллакх дац президентан харжамашна юкъагIерта, президенташ хIуьутту, шайн хан чекхъяьлча дIа а боьлху, Iедалан партеш а ма хийцало, амма коьртаниг ду, политикан курс хийцалуш цахилар» аьлла, дIахьедина Путин Владимира.

Делахь а, Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ бехкейина президенто, кхечу пачхьалкхашкахь харжамаш дIабоьлхуш новкъарло ярна.

"Карти тIера муьлхха а пачхьалкх гайтийша пIелгаца, цигара латкъамаш хезар бу-кх шуна, Iамеркан хьаькамаш харжамийн процессошна юкъагIерта бохуш" аьлла Оьрсийчоьнан президенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG