ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн "мостагIий" гучубаьхна "Левада-центро"


"Левада-центро" бинчу талламашца, Iамерка а, Украина а, Германи а шайн коьрта мостагIий бу аьлла оьрсийн бахархоша. Украинехьа оьгIазалла лаьттачийн терахь кхиина хIинцал хиллачул а.

Оцу тептарехь лидер ю Iамерка. 70 процент оьрсаша мостагI лору иза.

Германи а, Латви а, Литва а мостагIийн пачхьалкхаш ю аьлла, билгалъяьхна 24 процент бахархоша.

"МостагIийн" тептарехь хIиццалц 3-чу меттигехь хила Туркойчоь шолгIачу меттехь дIатаръелла.

Уггар а уллора доттагIий хета Оьрсийчоьнан бахархошна Белорусси, Китай, Казахстан, Шема, ХIиндойчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG