ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брянскехь лаьцначу нохчочунна кхераме ду Нохчийчохь


Хаамийн гIирсашкахь яздарехь, кIирандийнахь Брянск кIоштахь Суземка социйлехь поезд тIера охьаваьккхина сацийна нохчо, ММА-н чемпион Амриев Мурад ву. Нохчийчуьрчу Iедало масех шарахь лоьхуш волу Амриев, цуьнан гергарчара бахарехь, Брянскан полицино махкарчу Iедалан каравала там бу.

Даймахкахь чIир ю кхайкхина Амриевна. Спортхо федералан лехамашкахь хиларца гучуваьлла некъан полицина.

Амриевн адвокат Заикин Петр латкъам бан дагахь ву Брянскан полицино йинчу харцонна. Цо бахарехь, Амриев сацийначу сахьтехь зIене бевлла уьш Нохчийчуьрчу Iедалца иза дIаваларн хьокъехь дийцарш долош.

Бакъонашларъярхой тешна бу, Амриевн дахарна а, могашаллина кхераме хирг хиларх Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG