ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пайзулаева: "Ибрагимовн киншкаш еша а йолаелла, дIатесира ас..."


Оршотдийнахь Соьлж-ГIаларчу Октябран кIоштан кхелехь рогIера кхеташо дIаьяьхьира яздархочунна-историкна Ибрагимов Ризванна дуьхьал даьккхина гIуллакх луьстуш. Кхеле ялийнера яздархочунна арз дина Пайзулаева Заира а.

Кхелахочо а, адвоката а, прокурораша а шега дечу хаттаршна жоьпаш делира цо. Бехке ечу агIонна хаа лууш дара, муьлхачу жайни тIехь хааделла цунна къаьмнашна юкъахь питана а, зулам а доккхуш ду аьлла. Хеттарш дича билгалделира, Пайзулаевас Ибрагимовн цхьа а тептар караэцна ца хиллийла. "Еша йола а елла, дIатесира ас" аьлла, доцца хадийра цо жоп. Ши шо хьалха онкологин лазар хааделаа, коьртана операци йина шена, хIетахь дуьйна хIуманна ша йицлуш хилар а хаийтира Пайзулаева Заирас.

Кхело кхин цхьа теш а левира. Иза вара "Гуманитаран талламан юкъараллан" директор Эльсункаев Недарсолта. Иза эксперт санна кхайкхинера, Ибрагимов Ризванан жайнеш тIехь, Пайзулаевас ма дийццара кхераме кхайкхамаш буй-те аьлла хатта.

"Ша лелочу а, хьоьхучу Iилманца дуьстича, шена Ибрагимовн белхаш мелхо а, пайдехь карабо тIекхуьучу чкъурана. "Нохчий Дала къастина къам ду" бохург - вай кхечу къаьмнел тоьлуш ду бохург дац, иза вайна массарна а тIедожош жоьпалла ду, кхиъ дика хила бохуш" элира Эльсункаев Недарсолтас.

Кхеле ца баьхкинера Ибрагимов Ризванан гIуллакх теллина болу талламчаш Джабраилов а, Сосницкий а. РогIерачу кхелехь цаьрга дакъалацийта шайн лаам юха а дIабовзийтира бехке ечу агIоно.

Еарийдийнахь кхайкхийна Ибрагимов Ризванан рогIера кхелан кхеташо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG