ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыров дукха лаьттар вац куьйгаллехь"


"Обозреватель" хаамийн гIирсана еллачу интервьюхь Украинан арахьарчу гIуллакхийн министран хьехамчас Кива Ильяс дIахьедина, Нохчийчохь Кадыров Рамзанан раж дукха лаьттар яц, иза даржера воьхначул тIаьхьа Кавказехь тIом эккхар бу Оьрсийчоьнна дуьхьал аьлла, Яздо replyua.net хьостано. "Кадыровн Iедал дужур ду, дика кхеташ ву оцуьнах Путин а. Эзарнашкахь чIираш ю цунна тIаьхь" аьлла Кивас.

Хьалхо "Эхо Москвы" радиона еллачу интервьюхь оьрсийн журналисто Сванидзе Николайс а шена хета элира, нохчийн лидер Кадыров Рамзан Оьрсийчоьнан президентан дарже претендент ву аьлла. Цунна хетарехь, Кадыров ницкъболу лидер а, куьйгалхо а ву.

Цкъачунна хууш дац, оьрсаша къобалвийр ву я вац Кадыров тIедогIучу шеран Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG