ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн полисхой Брянске ММА-н латархочунна тIаьхьабаьхкина


Нохчийчуьра ницкъаллин структурийн тоба кхаьчна Брянск гIала, цигарчу полисхоша поезд тIера охьаваьккхина, дIалаьцна ММА-н латархо Амриев Мурад дIавига. Спортхочун гергарчара бахарехь, Нохчийчуьрчу Iедало иза лоьху масех шо а хилла.

"Новая газетано" бакъдо, Брянске Соьлжа-ГIалара машенашкахь полисхой Амриевна тIаьхьабаьхкина хилар.

Цуьнан адвоката хьехна Амриевна муьлхха а зулам айхьа дина алий, дIахьеде Брянскерчу полицига аьлла, дIа ца вуьгуьйтуш жимма хьем хиларе сатуьйсуш.

Брянскехь дозанхочуьнга бага лейина ша, иза сийсазвохуш аьлла ММА-н латархочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG