ТIекхочийла долу линкаш

Ягорийг дIасакхоьхьу йоккха машен Кабулан цхьана кIоштахь эккхийтар бахьанехь 150 сов стаг велла байначу беттан 31-чу дийнахь аьлла, хаамбо ОвхIанистанан президенто ГIани Ашрафа.

"Бехк-гунахь доцу 150 адам дийна, 300 сов лазийна, багийна, цхьацца дегIан меженаш яйна дарбан хIусамашка кхачийна" аьлла ГIанис шинарийдийнахь Кабулехь къаьмнийн машаран конференци йоьдучу заманчохь.

Официалан гIирсаша велларг 90 ву аьла, дIахьединера. 2001-чу шарахь Iамерка чу а гIоьртина тIалибийн олалла дохийначул тIаьхьа диначу теракташлахь хIара зулам уггар Iожалле лерина.

Теракт цкъачунна цхьана а тобано шена тIе ца даьцна.

XS
SM
MD
LG