ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчех дозалла дина Испанин яздархо кхелхина


Goitisolo Juan
Goitisolo Juan

Гоьваьлла яздархо Гойтисоло Хуан кхелхина Мароккорчу Марракеш гIалахь. 87 шо долу испанхо кху заманахьлерчу уггаре а баккхийчу яздархойн могIаршлахь вара. Испанехь Iедалехь хиллачу Франкон диктатура кьобал ца еш, махках ваьлла хилла яздархо шен доллучу дахарехь тоталитаречу режимашна дуьхьал дош айдеш а, шен йозанашкахь маршонехьа кьуьйсучаьрга гIодоккхуш вара.

"Эл Паис" газетин тIеман корреспондент санна иза хилира тIаьххьарчу 40 шарчохь тIемаш мел бечу метиишкашкахь. Массийтаза Нохчийчу веана хиллачу Гойтисолос Оьрсийчоьнан эскарша нохчийн гIаланашкахь а, ярташкахь а хIоттийна кьизаллах лаьцна артиклаш язйина ца Iаш, шен кхоллараллехь коьртачех киншка а язйира.

"ТIеман ландшафташ" цIе йолчу цу тептарехь цо емалйора оьрсийн куьйгалло бIешерашкахь дуьйна Нохчийчохь дIахьош йолу кьам кьардан гIертаран политика. "Кавказхойн хаттарна Оьрсийчоьно элан заманчохь, Шейх Мансуран заманчохь дуьйна цхьана кепар жоп лора: уггаре а луьрчу кьизаллица. Бакьду, хIетахь а, я тахана а цуьнан аьтто ца баьлла нохчийн гIаттаме са кьардан а, церан маршоне болу сатийсам бен а"- иштта яздора Гойтисолос шеш 1996-чу шарахь зорбане яьллачу киншки тIехь.

2014-чу шарахь испанхойн маттарчу литературехь уггаре а сийдоду совгIат -Сервантесан преми- елира Гойтисоло Хуанна. Оьрсийн матте гочйинчех уггаре а евзаш ерш ю цуьнан "Ялсаманехь гIайгIа" а, "ГIайре" а, "Куьйган говзалла" а романш.

Гойтисолон Нохчийчоьнах йолу книга оьрсийн маттахь зорбане яьлла яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG