Брянскехь лаьцна ММА-н латархо, дуьненаюкъара чемпион Амриев Мурад маьршаваьккхина полицино. Болчу хаамашца, карарчу хенахь Амриев шен адвокаташца а, "Къизаллана дуьхьалояран комитетан" белхахошца а цхьана ву.
Твиттерерчу шен агIонтIехь юристо Бабинец Сергейс яздина, Амриев формалехь маьрша ву, барт-хаттам бан полицин цхьана декъе доьлхуш ду шаьш аьлла.
Иштта комитетан Твиттерехь хаам бу, Амриев валийначу полицин декъана туьтмIаьжгашца болчу ницкъахоша гобина аьлла.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...