ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаькамашца къийсам болийна ГIалгIайчохь


"Дукха хан йоцуш тоьхначу шано йохийначу хIусамех компенсаци луш, уггаре а хьалха мискачарна а, таро йоцучарна а яла еза. Даржхошна иза уггар а тIаьхьий бен яла ца еза", - аьлла, омра дина гIалгIайн мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус Бека. Iедалхошца шен хиллачу цхьанакхетарехь дина цо и дIахьедар. Цунна хетарехь, Iедалан балхахь болчара атта меттахIоттор ду хилла зен, ткъа могIарерачу нехан бац аьттонаш.

И дехкар кхочушдарехь тергояр тIедиллина вице-премьерна Доурбеков Зауддина.

ГIалгIайн махкахь цул совнаха, даржхойн а, низамхойн а машенаш тIера Iаьржа пардош дIадахаран болх а болийна. Мел воккха хьакам а, полисхо а хиларх, цуьнан машен саца а еш, и пардо дIадоккхуш ду.

ХIинцале 400 машенийн кораш цIандина цуьнах, бохуш хаам бо чоьххьарчу гIуллакхийн министраллийн зорбан-сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG