ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амриев Мурад маьрша ву


ММА-н дуьненаюкъарчу чемпионан Амриев Мурадан аьтто баьлла, ша лаца баьхкинчу нохчийн полисхойх ведда вала. Брянске маса кхаьчначу цара, Амриев чохь волчу гIишлонна го а лаьцна, иза ларвеш лаьттинера.

Бакъонашларъярхоша чIагIдо, Нохчийчуьрчу лаккхарчу полисхочо латархочунна чIир кхайкхор бахьана долуш лехамашкахь хилла хилар а, каравахар Iаламат цунна кхераме хилар а.

Голаьцначу хIусамера Амриевн вада каяларх дийцина "Къизаллашна дуьхьалояран комитетан" белхахочо Хабибрахманов Олега.

"Чуьра ара а иккхина, ща ларвеш Iачу "Приора" машен чу а хиина, къайлавелира иза", дийцина Хабибрахманов Олега "Медуза" зорбанна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG