ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НемцовгIеран адвокаташ реза бац кхелан системина


Немцов Борис веран хьокъехь дIаяьхьначу кхелан кхеташонехь шинарийдийнахь бистхилла цуьнна доьзалан адвокаташ. Цара цхьабоса дIахьедина, "зулам даьстина даьлла олийла дац, Немцов вер тIедожийнарш хIинца а маьрша хиларна".

"Талламан комитето кхачо йоллуш листина дац Немцовн гIуллакх, хьаштхой маьрша бу, иштта боллу бехкенаш бац кхеле хIиттийна. Тхо тешна ду, кхеле балийнарш гунахь хиларх, амма тоаме дац Бахаевна дуьхьал даьхна тоьшаллаш" аьлла адвокато Михайлова Ольгас.

"Немцов вен кхайкхийнарш кхеле хIиттийна цахиларал а совнах, бац уьш лецна а, я церан цIераш йовзийтина а. Дина зулам къастийна даьлла дац. Вайн кхелан системина а, Iедална а эхь ду и" аьлла адвоката Прохоров Вадима, шен коллегина тIе а товш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG