ТIекхочийла долу линкаш

ДIадахначу еарийдийнахь Мосул гIалара аравала гIерта 163 маьрша вахархо вийна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша. Кегийн бераш а ду цаьрца. Адамийн бакъонаш ларъечу ООН-ан Лакхарчу комиссаро Зейд Раад ал- Хьусайна бина и хаам.

Мосулан Малхбузерчу тIемаш боьлхучу кIошташкахь 100 эзар бер ду дуьсуш аьлла, хьалхо хаамбинера ООН-ан Берийн фондо (ЮНИСЕФ). Оцу организацина хууш ду, маса бер ду делларг гIалин Малхбузехь.

2014-гIа шо юккъе даьллачу хенахь "Исламан пачхьалкх" тобанерчу джихIадхоша дIалаьцна Мосул.

Iамерка коьртехь лаьттачу коалицино а, Иракъан эскарша а стохка дуьйна йолийна Мосул ДаIишера схьайоккху операци. Цкъачунна гIалин Малхбалера дакъа бен паргIат даьккхина дац цара.

ООН-ан терахьашца, тIом болабелчхьана Мосулера араваьлла 500 эзар сов стаг.

XS
SM
MD
LG