ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Терек" футболан клубан цIе хийцар тIеэцна


Соьлжа-ГIаларчу "Терек" клубан куьйгалла дечу кхеташоно футболан клубан цIе хуьйцуш сацам тIеэцна. Клубан директоро Айдамиров Ахьмада бина и хаам ТАСС агенталле.

"Клубан кхеташоно къобалбина цIе хуьйцуш сацам. Оха мехкан куьйгалхочуьнга дехарца кехат дахьийтина. Оьрсийчоьнан Чемпионат йолаялале керла цIе хир ю аьлла тешна ду тхо тхешан клубан" аьлла Айдамировс.

ХIунда лаьа шуна и цIе хийца аьлла деллачу хаттарна жоп луш "Футбол езачаьргара дукха дехарш кхаьчна тхоьга. Хьалхара президент (Кадыров Ахьмад) бахьанехь лаьтташ ю тхан клуб. Цундела кхи дIа "Терек" Соьлжа-ГIала хир яц, «Ахмат» Соьлжа-ГIала хир ю", аьлла клубан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG