ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дельфинарий яр сацадар доьху экологаша


Оьрсийчуьрчу экологийн тобано кехат дахьийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, ша Соьлжа-ГIалахь йийр ю аьлла дельфинарий ца еш юхавалар доьхуш.

Кехат бухахь куьйгаш яздина Москохарчу жигархочо Русова Софьяс, Кубанерчу эколога Витишко Евгенийс, биолога Андрамонов Константина а, «Аква» центран директора Трибрат Татьянас а.

"Дукха хан ю Оьрсийчохь дельфинарийш яхкарна хIордан биологаш а, зоологаш а, кхиболу говзанчаш а дуьхьал болу. Йийсараллехь диссинчу дийнаташна стресс хуьлу, дарлой хьийза уьш, цул совнах, шайн хенал а хьалха леш дIадовлу. Лараме Рамзан Ахматович, оха кхойкху хьо дельфинарий ца еш сацор, хьайн гуманизм а, Iаламе а, дийнаташка а болу безам, ларам гойтуш", - аьлла бу кехатан чулацам.

Цхьана баттахь жоп дала декхаре ду Нохчийчуьра Iедал дахьийтинчу кехатна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG