ТIекхочийла долу линкаш

Инстаграмерчу шен агIонтIехь Кадыров Рамзана хаам бина, Оьрсийчоьнан футболан карти тIехь керла цIе гучуяларх. Шинарийдийнахь "Терек" футболан тобан директора дIакхайкхийнера, клубан кхеташоно цхьабоса сацам тIеэцна хиларх, тIейогIучу хенахь "Терек" клубан цIе хийца. Оцу хьокъехь Кадыровга дахьийтина кехат ду шайн аьлла.

"Соьга масийттаза дехарш динера клубан директорийн кхеташоно, футболан хьовсархойн лаамца, клубан цIе "Ахмат" аьлла хийцарна тIетахьара бохуш. Хьовсархойн лаам тхуна мехала бу, хIетте а атта дацара суна и кхочушдан" аьлла, яздина Кадыровс.

Амма хьовсархойн «ВКонтакте» социалан машанахь йолчу агIон тIехь футболан клубан цIе хийцарца резацахилар гуш ду.

Цу чохь бина хаттам бу, товш юй шуна клубан керла логотип аьлла. "Резаберш 202, дуьхьалберш 1421 стаг.

"Кеста нохчех ахматовцаш бийр бу" аьлла, яздина Highlander Ganik ник йолчо.

Мовсуров Руслана яздо "Оцу клубан хьалха хилла цIе юхаерзаяллалц кхи цкъа а гIур вац со футбол хьажа".

XS
SM
MD
LG