Прокуратурано талламаш бина Нохчийчуьрчу наркологин диспансеро шен тептаре эцначу бахархойн хьокъехь. Гучудаьлла и нах машен лело бакъо йолуш хиллийла а. Прокуратуран векало дийцарехь, царех 13 пациент дIа ца йолу алкоголизм, наркомани, полинаркомани, токсикомани олу лазарш долуш, автомобил лело бакъо йоцуш хилла.
Шелан кIоштан кхеле 13 иск хьажийнера прокуратурано, оцу нахана машен лело елла бакъонаш харцъеш. 13-нна а дихкина кхи дIа йолчу ханна машен лело.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...