ТIекхочийла долу линкаш

ФБР-ан куьйгалле Рей Кристофер хIотто ша дагахь хилар хаийтина Iамеркан президенто Трамп Доналда. Твиттерерчу шен агIон тIехь Iамеркан лидеро бина и хаам кхаарийдийнахь.

"Тахана Рей Кристоферан кандидатура хьоьхур ю ас ФБР-н куьйгалле. Ала хIума доцуш, тешаме ву иза" яздо Трампа.

Байначу беттан 9-чу дийнахь хIинццалц директор лаьттина Коми Джеймс даржах мукъаваьккхина Iамеркан президенто, цо бечу балхана ша реза цахилар билгал а доккхуш.

2013-чу шарахь хIоттийнера Коми ФБР-ан директор, президент Обама Баракъ волчу хенахь.

XS
SM
MD
LG