ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧIеберлойн Муслим: "Осмаевна кIело ФСБ-но йина ю"


Украинерчу нохчийн Шейх Мансуран цIарахчу батальонан хьалханчас ЧIеберлойн Муслима бахарехь, Осмаев Адамна вен Iалашонца кIелоярна бехке федералан къайлах сервисаш бен хуьлийла дац.

"Иштта ю ФСБ-н тактика. Туркойчу, Азербайджане, Европе шайн киллерш дIа а хьийсош, нах а бойуш, бехк кхечарна тIе а тоьттуш бо ФСБ-но болх. Цундела оха сема терго ю латтош. Киевера а, Одессера а тхайн бераш хьовсийна оха Адам Iуьллучу лазартне, иза ларван" аьлла батальонан лидеро.

Цо билгалдаьккхина, шен тобано а, Осмаев Адама а латтош болу къийсам юкъарчу мостагIчунна – Оьрсийчоьнна дуьхьал хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG