ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белоруссин Iедало лаьцна Амриев Мурад


Белоруссин Добруш гIалахь дозанхоша лаьцна Брянскехь поезд тIера охьа а ваьккхина, полисхойн декъехь латтийна ММА-н латархо, дуьненаюкъара чемпион Амриев Мурад. Фейсбукерчу шен пена тIехь бина и хаам "Къизаллашна дуьхьалояран комитетан" куьйгалхочо Каляпин Игора. Цо бахарехь, еарийдийнахь конвойца Гомеле кхачор ву иза.

Нохчийчоьнан Iедало федералан лехамашка велла Амриев, шена хуушшехь харц кехаташца лелла аьлла.

Бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, паспорт лучу хьукматан белхахоша шаьш дина гIалат хилла и.

Церан версица, нохчийн полисхоша шега чIир кхайкхорах Амриевс нахаладаккхар бахьана долуш, иза лаца гIерта махкара Iедал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG