ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амриев Зураба дуьйцу, стенна оьшу Iедална шен ваша Мурад


Германехь вехачу Амриев Мурадан вашас Зураба "Дождь" телеканале дийцина, стенна тIаьхьадаьлла махкара Iедал шен вешина Мурадана. Цо бахарехь, цхьана лакхарчу полисхочунна вен Iалашонца кIелойинарг иза хеташ, Мурадехула иза цIа вало гIерта Нохчийчуьра Iедал.

Полисхой зIене бевлла хилла Германерчу Зурабаца, Белоруссехь Мурад дIалацале ши де хьалха, цуьнан хьокъехь бистхила.

"Дуьйцуш хезна суна, оцу кIелоечу тобанца Мурад а хилла бохуш, цунна а бехкаш тIетоьтту аьлла. Бакъ дац и!"

Амриев Зураба къайлацахьо, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь ша оьрсашна дуьхьал къийсам латтийна хилар. "Нагахь санна гIаттамхошца доьзалера цхьаъ хиллехь, жоьпалла тIедожадо махкарчу Iедало цуьнан гергарчарна а, цундела оьшу царна сан ваша" аьлла Зураба.

Карладоккху, Амриев Зураб Германехь вехаш ву, цигахь Iедало политикан тховкIело а елла. 4 шо хьалха Амриев Мурад лачкъийна, дIа а вигина, тIехь ницкъ бинера цунна.

Цо чIагIдарца, полисхоша шен вешина тIехь доцург кхолла бохуш, Iазап латтийна цуьнгахь, билламаш тIе а бохкуш. Iедалан карара ваьлча дийзира Мурадан пачхьалкхара вада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG