ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзанна тIелатар дан кечамаш беш хилла аьлла бехкевина Нохчийчуьрчу кхаа вахархочун гIуллакх кхеле дIакховдийна. "Росбалто" шайн къайлахчу хьосташна тIе а тевжаш яздо, материалаш Гуьмсан кхеле хьажийна аьлла.

ТаIзаре воьху Ямадаев Iийса, цуьнан хилла хадархо Альвиев Iазиз, "Восток" батальонан хилла тIемало Закараев Беслан, цуьнан лулахо Магомадов Шамхан а. Кхелан кхеташо дIахьон йолу де цкъачунна билгалдаккхаза ду.

Карладоккху, Альвиевс а, Закараевс а, Магомадовс а тоьшалла дина, Ямадаев Iийса Кадыров Рамзанна вен Iалашонца кIело кечъеш вара аьлла.

XS
SM
MD
LG