ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амриевн гергарнаш махкара арабевлла


Нохчийн Iедало лаца хьийзочу ММА-н латархочун да-нана махкара арадаьлла. "Дождь" телеканале и хаам бинарг ю Амриев Мурадан йиша Мадина. Цо бахарехь, цхьана а кепара кхерамаш бацара туьйсуш, делахь а хиндерг цахууш Нохчийчоь дIатесна цара.

Мурадан нанас а, йишас а видеочухула дехар дира махкарчу Iедале, шайн кIентан гIуллакхах йист яккхар доьхуш нийсонца.

"ХIара видеога мел хьаьжначуьнга дехар до ас, кху Рамадан безачу баттахь, сан вешина гIо-накъосталла дахьара аш. Цхьана а хIуманна бехке вац иза" бохуш, кхайкхам бо Мадинас видео тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG