ТIекхочийла долу линкаш

Ийначу латарийн спортхо (ММА-н) Амриев Мурад Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн кара дIавелла аьлла, хаам баржийна "Интерфакс" агенталло. Нохчийчоьнан Iедало федералан лехамашка веллера Амриев, шена хуъушехь харц паспортаца лелаш хилла аьлла.

Бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, Амриевна Iедал тIаьхьадаларан бахьана, махкарчу цхьана полисхочо цунна чIир кхайкхорца ду.

2013 -чу шарахь Амриев Мурада арз динера бакъонашларъярхошка, нохчийн полисхоша лачкъийна дIа а вигина, тIехь Iазап латтийна шена аьлла.

XS
SM
MD
LG