ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахматукаев Адам. Даймехкан латта


ХьаргІанийн бодано
виначу лаьмнашна го беш,
Жоп доцуш дисира
сан пхенаш озийна хаттар:
Сох хила доьгІна-те
бехчалгийн кхолламан бобер?
Сох хила доьгІна-те
сагІина сеттина хаттар?

Мецачу кийрара
йишхаьлла мукъамаш бохуш,
Къорачу иллешца
со лийриг цахилар къедош,
Ас хІора буьйсанна,
шелделла дайн ардаш охуш,
Лехьийна лазамаш
денлора, сан гІенаш хедош.

Ас маьлхан зІаьнарех
туьйсура дахьийна пІелгаш,
Шелоно хедийча
сайн дечиг-пондаран мерзаш.
Иллеша къардора
сан лорах хІиттина белхарш,
Къилбехьа таьІна со
лаьмнашна дуьхьала верзош...

Дорцаша якхдинчу
сан даг чохь мекха яц, мо бен,
Жоп доцуш ца дисна
сан пхенаш ийзийна хаттар –
Ца хила доьгІнера
бехчалгийн кхолламан бобер,
Ца хила доьгІнера
сагІина сеттина хаттар.

Кхетта со: лаьмнашна
херделла сан некъаш доьхча,
Сан иллин мукъамо
со новкъа воккхур ву атта.
Ас дечиг-пондаран

XS
SM
MD
LG